ПIераскандийнахь Москохарчу кхело 5 эзар сом гIуда хьарчийна "Эхо Москвы" сайтан коьртачу редакторна Рувинский Виталийна, цо "Хаамийн гIирсех" низам талхорна. "Медиазона" гIирсо бина и хаам.
Нохчийчуьрчу кегийрхойн министраллан белхахоша шогаллица, шайн махкара дIагIо бохуш, журналистан Собчак Ксениян Соьлжа-гIала яхарх роликна гипперссылка яр бахьана долуш кхеле хIоттийнера "Эхо Москвы" сайтан куьйгалхо.
Кхело бахарехь, Рувинскийс баржийна бакъо йоцу хаам, "Хаамийн гIирсех" долчу низамца а догIуш, цензуро ца могуьйту лер хилла цу информацица. Кхелан кхеташонехь Рувинскийс шега кхийдон бехк тIе ца битина.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!