ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамийн бакъонаш хьешарна ГIажарийчоьнна санкцеш тоха тарло Iамерко


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Конгрессан векалийн Палатано тIечIагIйина, адамийн бакъонаш хьоьшучу гIажаройн лакхарчу даржхошна дуьхьал санкцеш йоху низаман проект. Векалийн Палатан арахьарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан сайт тIехь ду и дIахьедар.

Иштта туху доза хьакхалур ду Iамеркан бахархой харцонца леца а лоьцуш политикан бух тIехь набахтешкахь бахкочу хьаькамех а аьлла, яздина документ тIехь.

КIайчу ЦIийно луьстур ду, коррупци бахьана долуш ГIажарийчуьрчу компанешна дуьхьал яха оьший санкцеш аьлла хаттар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG