ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герз духку нах лецна ГIалгIайчохь


Махкахь герз а, патармаш а духкуш тоба лаьцна аьлла, хааме даьккхина ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Урхаллан хаамашца, еаридийнахь полисхойн рейдаш дIахьочу заманчохь дIалаьцна, ханна чувоьллина оцу тобан ши декъашхо.

Низамехь доцуш герз а, патармаш а лелорна а, дохкарна а, дехьа-сехьа дахарна а бехкевина, зуламан гIуллакх айдина лецначарна дуьхьал.

"Оцу зуламо 100 эзар соьме кхаччалц гIуда а, 6 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан а кхачайо", - аьлла ду ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайт тIехь яздина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG