ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петарбухахь Нохчийчоьнан туристийн центр йоьллур ю


Туристашна лерина пачхьалкхехь дуьххьара Нохчийчоьнан информацин центр схьайоьллур ю Петарбухахь. Смольныйн туризм кхиоран комитетехь бина и хааv пIераскандийнахь, яздо "Фонтанкас" Visit Chechnya офис елла лерина бу Къилбаседа шахьарахь карабогIучу беттан 15-чохь. Нохчийчоьне а, Соьлжа-гIалига а бIаьргтоха луучун таро ю Чайковскийн цIарахчу урамера 79-чу цIийне кхача.

"Visit Chechnya дуьххьара центр хир ю Нохчийчоьнал арахьа йоьллучех. Тхо тешна ду цунах кхиам а хир бу, тIейогIучу хенахь цу кепара офисаш кхечу пачхьалкхашкахь а, гIаланашкахь а йоьллур ю аьлла", - комментари йитина Нохчийчоьнан премьер-министран гIовса Байтазиев Муслима.

"Туризм кхиорехь шина регионан юкъарлонаш шордархьама юкъаяьккхина и проект. Тхуна а Iаламат мехала ду дуьххьара офис Петарбухахь схьаеллар. Visit Chechnya офис бахьана долуш Петарбухан бахархошна дуккхаъ а интересе хIуманаш девзар ду Нохчийчоьнах лаьцна", - аьлла туризм кхиоран комитетан куьйгалхочо Мушкарев Андрейс.

Туристийн информацин центро бахархошна хьалха шен хьашташ маьхза кхочушдийр ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG