ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Стоп, энерговор" акци йолийна Гуьмсехь


Гуьмса кIоштарчу "Чеченэнергон" говзанчаш маьхза ток ягочаьрца къийсам латто арабевлла. "Стоп, энерговор" акцин гурашкахь цара теллина масех гIали юккъера коммерцин объект. Церан ток ягоран барам хаъал лахбеллера хIинццалц хиллачуьнга хьаьжча.

"Шеконийн бух карийра тхуна. Кхаа меттигехь низамца а доцуш ток ягор лахдеш хилла цара я пломба йохош, я лерина "чип" хIоттош. Оцу кепашца ягочу элекроэнергино лахара терахьаш гойту",- аьлла "Чеченэнергон" векало. ХIора а ток лачкъийначух материалаш ницкъаллийн структурашка дIакхачор ю.

Рейдашкахь гайтинчу жамIаша, Гуьмса гIалахь ток маьхза ягош 13 меттиг гучуяьлла. Энергокомпанино 549, 66 эзар соьмана зен дина цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG