Махкара бахархойн терахь 22, 4 эзарна тIекхетта, ткъа белхан алапаш юкъъерчу барамехь аьлча, 11,1 проценте хьаладьхна.
Нохчийн статистийн урхаллан пресс-релиз тIехь бечу хаамашца, яздо Зазадоккхучу-беттан хьалхарчу дийнан талламашца 1 440 400 стаг веха Нохчийчохь. Стохка гайтинчу барамца дуьстича 1,6 процент бахархой тIекхетта.
Дечкен-Чиллан беттанашкахь алапа хьаладаьлла, яздо статисташа, стохка бахархоша оьцучуьнга хьаьжча. 11,1% проценте кхиина бахархойн алапа, вуьшта аьлча 23874.7 сом.