ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрино арабоккхуш бу Дагестанера доьзал


Пхеа шарахь Австрехь даьхна Дагестанера МагомедовгIар Мохьмад а, Насибат а шайн кхаа бераца гергарчу хенахь пачхьалкхера арадоккхуш ду. Даймахкахь Iедалша хьийзийначу царна Австрино политикан тховкIело ца ели. 2012-чу шарахь ХIинжа-гIалахь шен лулахо полисхоша вуьйш теш хилла ву ша бохуш, чIагIдо Мохьмада.

Шена цаьргара кхерам хаабеллачул тIаьхьа цо катоьхна дIатесира Оьрсийчоь. ХIетте а кхелаша цуьнан дехарна жоп ца делла.

Йоццачу хенахь немцойн мотт а Iамийна, МагомедовгIеран доьзал дIаийра меттигерчу бахархошца. Керла тIебаьхкинчу мухIажиршна гIо а латтадо цара меттигерчу организацешца цхьаьна.

"Кавказ.Реалии" портале Тироль гIаларчу бакъонашларъярхоша дийцарехь, церан йоккхахйолу йоI кхиамашца доьшуш схьайогIу школехь, жимахдолу шиъ берийн беша лелаш ду.

Австрехь доккха орца даьлла МагомедовгIарна. Юриста Бруггер Сеппа петици хIоттийна, шен махкахошка уьш ара цабахар доьхучу цунна куьйгяздар а доьхуш.

Лиенцерчу бакъонашларъярхоша царна гIоьнна цхьа могIа роликаш яржийна. ТIаьххьара хан тIекхаччалц Лиенц гIалахь бехаш бара Дагестанера доьзал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG