ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машен тIетоьхна Ставрополехь вийна Нохчийчуьра вахархо


Ставрополан кIоштарчу Минводы гIалана а, Невинномысскна а юккъерчу боккхачу некъа тIехь машен тIетоьхна вийна Нохчийчуьра вахархо, хаамбо регионерчу некъан полицино. 40 шо долу нохчо буьйсанна кхерамечу новкъахула дехьа волуш хилла, машенаш тIехь болчийн тидам хилийта шена тIехь я буса лепа билгало а йоцуш.

"ВАЗ-211440" машенан шоферна ца гина некъахо, хаьхкина йогIучу автомобило лазийна стаг, лоьраш тIе а кхачале велла.

Болчу хаамашца, машенлелорхо а хилла Нохчийчуьра 24 шо долу вахархо. Невинномысскан дарбан цIийне кхачийна иза корта лазийна.

Иштта некъан полицин информацица, машенан долахо низамаш ца лардарна масийттазза гIуданаш текхна а хилла. Экспертиза а еш, талламаш бу дIахьош оцу гIуллакхан хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG