ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера 18 стаг вайна Каирехь, шайца бераш а долуш


Ах шайлахь бераш а долуш, Дагестанера 18 стаг вайна Каирехь. Шоьтан буса и хаамбина "Мемориал" бакъонашларъяран центро, байначийн гергарчун Байсултанов Гусейнан хаамашна тIе а тевжина.

Цо дийцарехь, байначу баттахь цуьнан шича Байсултанова Сакинат герзаца болчу наха дIайигинера. Цул хьалха цара хеттарш динера цуьнга цуьнан хиллачу цIийндех лаьцна, Шемарчу тIамехь волчу Алигаджиев Ахьмадах. Кху деношкахь юха а Байсултанова Сакинатан хIусаме а баьхкина иза а, цуьнан гергара нах а дIабигина берашца.

Шичас бахарехь, Сакинат цуьнан цIийндех хилларг хаа луучу Мисарару къайлахчу сервисийн каракхаьчна.

Гергарчара меттигерчу полицига а, Оьрсийчуьрчу Каиран векалте а, бакъонашларъярхойн организацешка а хаамбина, яздо "Мемориало".

XS
SM
MD
LG