ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу гIалгIазакхийн гIуллакхаш толор ду Iедалша


Kazakhstan - The celebration of Maslenitsa in Uralsk. Uralsk, 18Feb2018
Kazakhstan - The celebration of Maslenitsa in Uralsk. Uralsk, 18Feb2018

Къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбан, информацин министраллехь цхьанакхетар дIадаьхьна Къилбаседа-Кавказан Комиссино Оьрсийчоьнан президентехула Нохчийчуьрчу гIалгIазкхийн гIуллакхашкахула йолчу Советан декъашхошца цхьаьна.

ГIалгIазакхийн юкъараллашна, цхьанакхетаршна а пачхьалкхан гIо эшарх дийцина цу гонашкахь.

Къамелехь дакъалаьцначу департаментан директоро Абазов Рустама, билгалдаьккхина, махкахь кхиам а, чIогIалла а хуьлийла дац синан а, оьздангаллин а кхетош-кхиор дацахь а, регионехь дехачу массо а къаьмнийн ламасташ а, гIиллакхаш лардеш, кхиош дацахь а аьлла.

Зорбан министран гIовса Элембаев Алихана, шайн министралло даим а терго латтош ю гIалгIазакхашна, цундела муьлхха а историн ламасташ а, Нохчийчохь дехачу къаьмнийн башхалла а кхиорехь муьлхха а инициатива шаьш къобалйийр ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG