ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Репрессеш лайначу къаьмнашна лерина конференци юкъахъяьккхина гIалгIайн Iедалша


"Репресси лайначарна реабилитаци яр: тахана долу хьал а, кхочушдаран проблемаш а" аьлла, и документ тIеэцна 27 шо кхачар билгалдоккхуш ГIалгIайчохь хIотийна конференци юкъахъяьккхина. И барам вовшахтоьхначара бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале.

Делкъанна сахьт даьлча йоло лерина бара смпозиум ГIалгIайчуьрчу цхьана хьешан цIийнехь. Нохчийчуьра, Кхарачойн-Чергазийчуьра, ГIебарта-Балкхаройчуьра векалш а, иштта туркаш-месхетинцаш а бара цига гулбелла.

"ГIалгIайчоьнан гIортораш" организацин векалша чIагIдарехь, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу делегаташца зIене бевлла хилла ГIалгIайчоьнан арахьарчу зIенийн, къоман политикан министраллан белхахой. Цара тIедожийна хилла, оцу барамехь дакъа ма лаца аьлла.

"Юкъахь конференци дIаяхьийта вайга аьллера хьо Iедалшка, амма уьш реза ца хилира. ТIаккха даржхой симпозиумна кечам бечу хенахь новкъарлонаш ян буьйлабелира, шаьш ма хетта дIахьо и бохуш", -резабоцуш дийцина оргкомитето.

Жигархошна цхьанхьа дуьхьало йира конференци дIаяхьарехь, цул тIаьхьа ГIалгIайчуьрчу цхьахйолчу отелехь хIотто барт хиллачу тIаьххьарчу минотехь куьйгалхоша бина барт бохийра. Юха а кхи цхьа майда а карийна, цигахь дIаяхьа гIертара тхо, цу чу а полисхой кхайкхийна, къийсамаш бу дIабоьлхуш", - аьлла боламан декъахочо.

Iедалан коьртерачаьргара цкъачунна цхьа а комментари яц "Кавказ.Реалиин".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG