ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ким Чен Ынца кеста цхьанакхета Iалашо ю Iамеркан президентан


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента тешам белла, шен Къилбаседа Корейн лидерца Ким Чен Ынца хиндолчу цхьанакхетаро пайдабохьур бу аьлла. Цу кепара дIахьедар дина цо шоьтадийнахь шен Къилберчу Корейн а, Японин а президенташца къамел хиллачул тIаьхьа. Твиттерерчу шен агIон тIехь Трампа хааме даьккхина, "Iаламат хаза къамел хилла шен" Ин Мун Чжеца аьлла. Ишта Абэ Синдзоца Къилбаседа Корейца шен йолчу планех а дийцина цо.

Германин канцлерца Меркель Ангелаца хиллачу цхьанакхетаран жамIаш дуьйцуш хIоттийначу пресс-конференцехь пIераскандийнахь Трампа дIахьединера, КНДР-н лидер "шен ловзарех ловзуш ву" аьлла ца хета шена. Трампа бахарехь, Кимца цуьнан цхьанакхетар хир ду гергарчу хенахь.

Iамеркан тIеман министро Мэттис Джеймса а ша тешна ву аьлла, шина президентан дийцарша дика жамIаш гойтур ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG