ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Литван бахархошна дуьхаьл санкцеш яьхна Оьрсийчоьно


Литван бахархошлахь "къаьсттина мостагIаллица шайна дуьхьалбевллчарна" пачхьалкхе бахкар дихкина Оьрсийчоьно. Iамеркан "Магнитскийн тептаран" аналогца шайна дуьхьал яьхначу санкцешна жоп ду и Оьрсийчоьно делларг. Пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь бина и хаам.

Дахначу шеран гурахь Вильнюсо тIеэцна Iамеркан "Магнитскийн тептаран" аналог. Дийцарехь, "стоп-листан" агIоне язбина политикаш, депутаташ, политологаш. Церан цIераш а, маса стаг а ву а хоуьйтуш дац.

"ДIахоуьйту, оьрсийн "стоп-лист" диллина лаьттар долуш ду, Вильнюсо шен провокацеш кхи дIа а лелаяхь, оцу тептаре бохур бу кхиболу нах а", - ду яздина министраллан сайтехь.

Карладоккху, Литван "Магнитскийн тептаран" аналог зорбане яьккхинера кху Iай. Цу юкъа ваханера Оьрсийчоьнан 49 вахархо, царлахь вара Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а, цуьнан гIовс Логунов Олег а.

Вильнюсо бахарехь, и нах коррупцица доьзначу зуламашна а, ахча лечкъорна а, адамийн бакъонаш ларъеш ца хиларна а бехке бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG