Шеман демократин ницкъаш олучу тIемалойн тобано дIахьедар дина кIиранан дийнахь, шайн 4 эвлана уллера Асадан эскархой юхатоьхна шаьш аьлла. Цунах лаьцна хаам бин «Iамеркан аз» зорбанан портало.
Хьалхо Шеман пачхьалкхан телевизоно хаам баьржинера, Iамерко гIортор еш йолу оппозицин тобанаш ара а тоттуш, Ефратан малхбалехьара йиъ эвла дIалаьцна Шеман армино аьлла.
Цу ярташна Iуналла деш ю коьртачу декъана курдех лаьтташ йолу оппозицин тIемалойн тобанаш.