Дуьхьалонан боламан хьалханча, парламентерчу «Елк» фракцин куьйгалхо Пашинян Никол официалан кепара тIечIагIвина Эрмалойчоьнан премьер-министран дарже кандидат санна. Цу хьокъехь кхаж тесна парламентехь 47 депутат волчу кхаа партино.
Премьер-министр хIотта Пашиняна гулбан беза 53 кхаж. Эрмалойчоьнан парламентехь 58 меттиг дIалоцуш ю Iедалехь йолу Республикан парти. Цу партино шен кандидат хьалха ца теттина.
Эрмалойчоьнан парламенто премьер-министр хоржуш кхаж тосур бу Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь. Шен агIончашка цу дийнахь Ереванан юккъерчу Республикан майданахь гулбалар дехна цо.