Къилбаседа Корейн дозанца пропаганда еш шаьш лелийна репродукторш дIайохур ю Къилба Корейно. Цунах лаьцна хаам бина меттигерчу «Ренхап» агенталло.
Демилитиаризацин зонера гIирс дIабаккхар долалур ду Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь дуьйна.
Оханан-беттан 3-чу дийнахь дуьйна Къилбаседа Корейн дозанца пропаганда яр сацийнера Къилба Корейно. Цу тайпа сацам бинера цу мехкан президенто Мун Чжэ Ина шен Къилбаседа Корейн хьалханчица Ким Чен Ын-ца цхьаьнакхетар хилале.
Цу цхьаьнакхетаран жамI дара машаран барт бар. Шинан пачхьалкхо барт бина вовшашна дуьхьал мостагIаллан гIулчаш ца яха, шена юкъахь репродукторшкахула а, кехаташ даржош а пропаганда яр сацор а долуш.
ТIаьхьо бинчу хаамца, Къилбаседа Корейно сацам бина Къилба Корейно лелош йолу хан лело. Къилбаседакорейхоша Сеулерчу хенаца дIанисдийр ду шайн саIаташ Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийнахь.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!