ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаххара а 29 стаг вийна Кабулехь динчу шина эккхийтарехь


Кабул. 30.Охан.2018.
Кабул. 30.Охан.2018.

Лаххара а 29 стаг вийна ОвхIанистанан коьртачу гIалахь Кабулехь динчу шина эккхийтарехь. Царна юкъахь ву 5 журналист а. 50 сов стаг чевнаш хилла ву.

Цунах лаьцна хаам бина CNN телеканало, меттигерчу Iедалшна тIе а тевжаш. Телеканало дийцарехь, хьалхара эккхийтар дина Iуьйранна 8 сахьт даьлча Шаш Дарак кIоштахь, цигахь туп тоьхна ю Iамеркан векалалла а, ОвхIанистанан Iедалан гIишлош а.

Цига баьхкинчу журналисташна юкъахь хилла репортерах тарвелла веана Iожалхо. Цо эккхийтина шен дегIах йихкина бомба.

Ши журналист вер тIечIагIдина Маршо Радион ОвхIанхойн сервисо. France Press агенталло хаам бина, шайн сурташдахархо вийна хиларх лаьцна.

И терроран тIелатар шена тIелаьцна «Исламан пачхьалкх» оучу тобанан декъашхоша, хаам бо Associated Рress агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG