Шемахь ракеташ тохар бахьана долуш 26 стаг вийна 60 гергга чевнаш хилла ву. Царех дукхаха берш ГIажарийчуьра эскархой бу. Цунах лаьцна хаам бо дуьненаюкъарчу хаамийн агенталлаша, Шеман адамийн бакъонаш талхорна мониторинг ечу центро.
Дийцарехь, и ракеташ тоьхна хилла Алеппо а, ХIама а провинцешкахь йолчу герз латточу меттигашка. Шемарчу бакъонашларъярхоша дийцарехь, тохар динарш бу Израилан эскархой.
Официалан кепара и хаам тIечIагIбина бац.