ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британин чоьхьарчу гIуллакхийн министр хIоттийна Пакистанерчу мигрантан кIант


Джавид Саджид.

Британин чоьхьарчу гIуллакхийн керла министр хIоттийна Джавид Саджид. Цунах лаьцна хаам бо дуьненаюкъарчу хаамийн гIирсаша. Джавид хьалха куьйгалла деш вара регионийн а, меттигерчу урхаллийн а министралллана. Иза ву Пакистанерчу мигрантан Джавид Iабдуллан пхеаннах юккъера кIант.

Британин чохьарчу гIуллакхийн министран дарж цуьнга кхаьчна Радд Эмберера. Меттигерчу прессо дийцарехь, Радд балхара дIаелира министраллан миграцин политика бахьана долуш. Цо леррина харц хаамаш луш хиллера парламентан депутаташна, шаьш махкара арабохучу, бакъо а йоцуш, цига баьхинчу мигрантех лаьцна.

XS
SM
MD
LG