ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампана Нобелан совгIат дала деза, боху Къилба Корейн президенто


Трамп Доналд.
Трамп Доналд.

Къилба Корейн президенто Мун Чжэ Ина дIахьедар дина, Къилбаседа Корейна зарратан герз бахьана долуш дуьхьал латтар дIадоккхуш къахьегарна Iамеркан президентана Трамп Доналдана Нобелан цIарах совгIат дала деза аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Reuters агенталло президентан официалан векална тIе а тевжаш.

Мун Чжэ Ин цхьаьнакхийтира Къилбаседа Корейн лидерца Ким Чен Ынца Оханан-беттан 27-чу дийнахь, шина пачхьалкхан дозанехь йолчу герзех маьршачу зонехь. И цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа тIеэцначу декларацица а догIуш, Пхеньян а, Сеул а дагахь ю хIара шо чекхдалале, машаран барт а бина, шина пачхьалкхана юкъахь болу тIом дIаберзо.

Трампа къобул дира шина Корейн куьйгалхой цхьаьнакхетаро деана жамIаш. "Корейн тIом дIабоьрзуш бу. Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, берриг а вайн дикачу наха а дозалла дан мегар ду хIинца Корейхь хуьлург бахьана долуш", - яздира президенто Трампа твиттерехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG