ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин армина Javelin ракеташ елла Iамерко


Javelin.
Javelin.

Украинин президенто бакъдина шайн пачхьалкхан тIеман ницкъашна Iамеркин Javelin олу танканашна туху ракетийн комплексаш кхаьчна хилар.

Порошенко Петрос дIакхайкхийна иза Оршоташ сарахь. Цо дийцарехь, керла герз кхачаро хаъал чIагIбина церан тIеман аьттонаш а, пачхьалкхан кхерамазалла а.

Хьалхо Iамеркан Пачхьалкхан депортаменто бакъдинера, Вашингтоно Ураинине Javelin комплексаш хьажийна хилар.

Болчу хаамашца, Украине хьажийначу кхузаманахьлерчу цу герзан мах бу 47 миллион доллар. Цу юкъахь ю 210 танканашна туху ракеташ а, 35 уьш хоьцу гIирс а.

Украинин арахьарчу гIуллакхийн министро Климкин Павела дIахьедина, Iамерко шайна деллачу герзах пайда оьцур бу шаьш, нагахь тIемалоша Донбассера хьал чолхе даккха питана тасахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG