ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулерчу шина эккхийтарехь вийнарг ву 9 журналист


Кабул. Ши эккхийтар дина меттиг.
Кабул. Ши эккхийтар дина меттиг.

ТIаьххьара болчу хаамашца, Кабулехь динчу шина эккхийтарехь вийнарг ву 9 журналист. Царна юкъахь ву Маршо Радион ОвхIанхойн сервисан ши корреспондент а, цу сервисехь болх бан кечлуш хилла кхин цхьа журналист а.

Теракташ хилла Iедалан хьукматийн куьпахь, Iамеркан векалаллана гергахь. Хьалхара эккхийтар дина мотоцикл тIехь хиллачу Iожалхочо. И бохам хиллачу метте баьхкина орцанхой а, журналисташ а. Телеоператорх тарвелла царна юкъахь волчу стага эккхийтина шолгIа бомба.

Оршотан Iуьранна хилла и тIелатар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" тобано. Верриг а цу шина терактехь вийнарг ву лаххара 30 стаг. 50 сов стаг чевнаш хилла ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG