ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкхах" дIакхеттачу зударийн бераш цIа дерзор ду Германино


"Исламан пачхьалкхах" дIакхетта хилла уггаре евзаш йолу Германин махкахо ю Мосулехь йийсаре лаьцна Линда цIе йолу йоI.
"Исламан пачхьалкхах" дIакхетта хилла уггаре евзаш йолу Германин махкахо ю Мосулехь йийсаре лаьцна Линда цIе йолу йоI.

Германин Iедалша цIа далор ду шайн махкара "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхета баханчу зударийн бераш. Цунах лаьцна хаам бина Bild am Sonntag газето, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло деллачу омрана тIе а тевжаш.

Махка юхадерзийначул тIаьхьа, кхеторан болх а бина, и бераш дIалур ду церан гергарчу нахе а, социалан урхаллашка а.

Bild am Sonntag газето далочу терахьашца, карарчу хенахь шайн берашца цхьаьна Шемахь а, Иракъехь а тIемаш боьлхучу зонехь ю Германин паспорташ долу лаххара 270 зуда.

"Исламан пачхьалкхах" а, кхин йолчу радикалан тобанех а дIакхеттера 980 Германера вахархо. Царах 170 вийна. Бухабисначерах кхоалгIа дакъа Германе цIа дирзина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG