ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германерчу нохчийн мухIажирна йиттина Кадыровн журналисташа


Мализаев Минкаил
Мализаев Минкаил

Нохчийчуьрчу пачхьалкхан "Грозный" телеканалан белхахой ду шаьш аьлла, довзийтинчу наха йиттина мухIажирна Мализаев Минкаилна Iедална критика ярна. Оццу дийннехь дуьхьал бекхам беш каравеанчу царех хиллачу цхьана журналистна йиттира нохчийн тобано.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун критик

Цхьа ши шо хьалха интернетерчу вайнехан сегментехь вовзавуьйлира Мализаев, YouTube-хь цо яржочу махкарчу Iедалхошна луьйш видеош бахьанехь. Масала, оцу жимчу стага машанехь даржийра Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъахочуьнца Саратова Хедица шен телефонехь тасаделла къамел.

Кадыровн бакъонаш ларъеш ю хьо, мискачу нахана тIехIоьттина яц бохуш, бехкейора иза Малазиевс.

Пхи шо хьалха шен доьзалца кхаьчнера Малазиев Минкаил Германи.

"Кавказ.Реалиин" информацица, немцой Iедалша политикан тховкIело ца еллера цунна. Ткъа мухIажиро чуделла апелляцин арз хIинца а листина даланза ду.

Байначу беттан 26-чохь хаам беара, Мализаевн зуда а, доьзал а Оьрсийчу дIахьажийна, ткъа ша иза пачхьалкхехь висина аьлла.

Кадыровга вас дIаяккхар доьху аудио

Бертаза Мализаевн доьзална депорт йинчул тIаьхьа, цо бахарехь, Дадаев Беслан ву ша аьлла, цхьа накъост зIене ваьллера цуьнца. Ша нохчийн пачхьалкхан телекомпанин корреспондент ву аьллера цо. Германин Iедало цIа хьажийначу Мализаевн доьзалх хиндолчунна сингаттамехь ву ша аьлла, Дадаевс ша кийча хилар хаийтинера нохчийн Iедалхошца цуьнан гIуллакх дийца.

"Соьга иштта элира цо: хьан ситуацех кхеташ ву ша, хьуна гIо дан лаам бу шен аьлла. Нагахь санна ахь Кадыровга боцца аудиохаам дIаязбахь, ша цуьнга дIакхачор ду хьоьгара кост. Цунна бен и хезар а яц аьллера цо соьга. Ас цо боххург дира, сайн хIусамненай сий ца дайитархьама а, сайн бераш хIаллак ца дайтархьама а"аьлла, иштта дуьйцу кIирандийнахь зорбане яьккхинчу видео тIехь Мализаевс.

Дохковаларан ауди, бина барт а бохош, дахначу кIиранах социалан машанашкахула дIасаяржийра.

Цу тIехь жимчу стага боху: "Суна хаьа айса мехкан куьйгалхо а, цуьнан накъостий а сайна оьгIазбахийтинийла. Къаьсттина къинтIера валар доьху мехкан куьйгалхочуьнга а, цуьнан уллерчу накъосте Дудаев Ахьмаде а ("Грозный" ЧГТРК-н директор) хIокху гергабогIучу безачу мархийн беттан дуьхьа а, Дела дуьхьа а сайна гечдар доьху".

ТIаьхьа хиира Мализаевна, ша нохчийн Iедалхоша иштта атта кIелхьара волуьйтур воцийла.

Жимма хан яьлча, мухIажиро Iедале гечдар доьху аудио Дадаевгахула дIахьажийначул тIаьхьа, шен дан дезаш къамел ду, хьо волчу ван мегар дуй аьлла, зIене ваьлла хилла Дадаев Беслан.

Блогер волчу ша ца веанера журналист, цуьнца цхьана Берлинехь веха Майрбек цIе йовзийтина стаг а веанера.

ХIетахь Дадаевс Iедалан цIарах кост туьйхира кхуьнга, дохковаларх видео дIаязъе боху хьоьга аьлла.

"Ша Кадыров Рамзанан а, Дудаев Ахьмадан а цIарах лелаш ву, хьоьга дIаала аьлла, нагахь и видео ахь дIа ца язъяхь, шаьш хьан хIусамнана хьийзор ю, бераш дойур ду аьлла схьахаийтира соьга", - чIагIдо Мализаевс.

МухIажиро бахарехь, видео яккхарна дуьхьало йича, баьхкинчара къиза йиттинера цунна.

Туьта а, куьйгаш а кегдина Мализаев дарбан хIусаме кхечира. Цигара видеокхайкхам бира цо бакъонашларъярхошка а, журналисташка а гIо доьхуш.

Кадыровн нахана йиттина Ичкерин байракхан бухахь лаьттачара…

Германера а, Австрера а нохчийн даспораш юридикан гIо кхачо Мализаевна гIертачу юкъанна, цуьнан довхой лаха арабевллера анониман бекхамхой. Схьадийцарехь, "Грозный" ЧГТРК-н белхахо Дадаев а, цуьнан накъост а карийна хилла. КIиран суьйранна интернетехь дIасаяржийра, цхьана жимчу стагана етташ видео.

"Суьйранна билгалъелира Дадаев Беслан веха меттиг. Вада гIоьртина иза лаьцнера бекхам а беш, цуьнца къамел дархьама. "Дика урок елла Кадыровн агIончана", - аьлла, текст яра видеоца цхьана зорбане яьккхина.

Роликах дерг аьлча, 1,5 минотехь яьккхинчу видео тIехь, маьттаза буьйцучу нохчийн маттахь гуш ду, цхьана наха жимчу стагна етташ. Беттачу мийрех юьхь лечкъочу стага доьху шех къинхетам бар. Буса яьккхина хиларна видео, къаьсташ яц церан яххьаш".

Шаьш йиттинарг баккъал а Дадаев хиларх тешо луш, роликан авторша гойту, Берлинерчу тIекIалдинчу цIийнан подъезд тIе язйина нохчийн телевизионан белхахочун цIе.

Оцу юкъанна, хIинца а хууш дац Оьрсийчу дIахьажийначу Мализаевн доьзалах хилларг…

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG