ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пашинянна дуьхьал кхаж тесна депутаташа


Оппозицин лидер Пашинян Никол премьер-министр харжарна дуьхьал кхаж тесна Эрмалойчоьнан парламенто. Цунна шен кхаж дIабала реза хилира 45 депутат, дуьхьал хилла - 55.

Шинарин сарахь дуккха а адам гулделлачу митингехь Пашиняна кхайкхам бира шен агIончашка, Стигалкъекъа-беттан 2-чу дийнахь дуьйна юха а дуьхьалонан акцешка арадовла аьлла.

Оппозиционеро кхайкхира полицин белхахошка, чхьонкарш а, турсаш а дитий, халкъах дIакхета аьлла.

Эрмалойчоьнан низамца а догIуш, нагахь хир йолчу лерринчу кхеташонехь премьер-министр харжа аьтто ца балахь, парламент дIаса а хецна, керла харжамаш хир бу махкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG