ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь чубоьхкина зударий цIеберзо Iалашо ю Кадыровн


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бина Иракъан Iедалшка, "Исламан пачхьалкх" тобанца уьйраш хиларна лецначу Оьрсийчуьрчу зударийн гIуллакхаш леррина листа аьлла.

Кадыровс дийцарехь, жима бераш долчу зударшна могIа бина кхелаш яр хIунда оьшу, ца кхета иза. Цуьнца цхьаьна цо билгалдоккху, уьш бехке бац бохуш чIагIдеш цхьа а воцуш, кхечу пачхьалкхарчу бахархошна адвокаташ луш а, консулшкара гIо кхочуьйтуш а ца хилар.

Иштта кхелан практика лелош хилча гIалаташ довлу мега, аьлла хета Кадыровна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG