ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пашинян премьер-министр харжа реза бу Iедалехь йолчу партин депутаташ


Эрмалойчоьнан Республикан партин парламентерчу фракцин куьйгалхо Багдасарян Ваграм.
Эрмалойчоьнан Республикан партин парламентерчу фракцин куьйгалхо Багдасарян Ваграм.

Парламентехь алсам депутаташ болчу Республикан партино гIортор йийр ю оппозицин лидерна Пашинян Николна премьер-министр хоржуш хин долчу кхаж тасарехь.

Цунах лаьцна шайн партин кхеташо дIайирзинчул тIаьхьа хаам бина фракцин куьйгалхочо Багдасарян Ваграма. Цо дийцарехь, Республикан партино цу дарже шен кандидатура кховдор яц.

Эрмалойчоьнан премьер-министран дарже хIотта ша цхьа кандидат вуьсуш ву Пашинян Никол. Иза хоржуш парламенто кхаж тосур бу кху беттан 8-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG