ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Баскаша дIасахецна шайн ЭТА тоба


Испани - Пена тIе яздина "ЭТА, халкъ шоьца ду" йоза дIадойуш ву муниципалан белхало.
Испани - Пена тIе яздина "ЭТА, халкъ шоьца ду" йоза дIадойуш ву муниципалан белхало.

Баскаша дIахьедар дина 60 шарахь гергга шайн пачхьалкх кхолла гIерташ къийсам латтийна ЭТА тоба дIасахецна шаьш аьлла.

ЭТА (баскийн маттахь Euskadi Ta Askatasuna, Баскийн Мохк а, Маршо а) олучу коьртачу декъана баскийн сепаратистийн вовшахкхетаралла коьллинера 1959-чу шарахь Баскийн Мохк маьрша баккха, цу хенахь Испанин диктатор хиллачу Франко Францискона дуьхьало ян а Iалашо йолуш. Цу вовшахкхетараллан декъашхоша герзаца тIелетарш дора полисхошна а, Iедалан белхахошна а. Цара иштта лелхийтарш дора, маьрша адамашна бале довлуш долу.

ТIаьхьарчу хенахь ЭТА-н декъашхоша дитинера герзах пайда эцар. Ткъа 2017-чу шарахь баскаша Iедалшка дIаелира шайгахь йисина герзан арсенал.

Оханан беттан 16-чу дийнахь ЭТА тобано официалан кепара къинтIера довлар дийхинра шаьш Баскийн Мохк маьрша хилийта гIерташ герзаца къийсам дIахьош кхелхинчу нехан герагарчаьрга.

"Тхо кхеташ ду, дуккха а шерашкахь герзаца къийсам латтош, оха адамашка бала хьегийтина хиларх… Оха даггах къинтIера довлар доьхка", - аьлла ду ЭТА-н цIарах арадаьллачу дIахьедарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG