Facebook дагахь ю кестта захало дийца аьтто бон шен сервис кхолла. Цунах лаьцна хаам бина цу социалан машанан куьйгалхочо Цукерберг Марка, яздо Reuters.
"Facebook-ах пайда оьцуш ду 200 миллион доьзал кхолланза адам, цундела цу агIор баккъалла а цхьаъ далур ду", - аьлла Цукерберга. Амма цо ца элира билггал иза маца хир ду.
И хаам бинчул тIаьхьа 1,1% хьалабаьлла Facebook-ан акцийн мах. Ткъа доьзал кхолла Iалашо йолуш вовше лоьхучучу нахана юкъахь уггаре евзаш йолчу Match Group компанин Tinder сервисан акцеш яйелла 23%.