ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцовн совгIат дала къастийнчу нахана юкъахь ву Титиев


Титиев Оюб.
Титиев Оюб.

Демократин мехаллашкахьа къийсам дIахьош майралла гайтинчу нахана луш долу Немцов Борисан совгIат дала къастийна 5 стаг. Царна юкъахь ву "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо, цу вовшахтохаралло политикан тутмакх лоруш волу Титиев Оюб.

Цуьнца цхьаьна Немцовн совгIат дала мегачу нехан цIейозана юкъахь ву "Мемориалан" Карелерчу декъан куьйгалхо Дмитриев Юрий а, "Солидарность" боламан декъашхо Митюшкина Надежда а, оппозиционер Навальный Алексей а, ткъа иштта Навальныйс куьйггалла дечу коррупцица къийсам латторан фондан Калининградерчу штабан координатор Чернюк Егор а.

Иштта жамIаш ду "Новая газетан" сайта тIехь хиллачу кхажтасаран. Цхьа бутт баьлча премин лауреат хоржур ву Немцов Борисан Фондан кхеташоно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG