ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу бахархошка хьажийна видео дIаязйина тIемалоша


Архивера сурт.
Архивера сурт.

"Исламан пачхьалкх" олучу тобано леррина видео яржийна интернетехь, Нохчийчуьрчу бахархошка хьажийна йолу, хаам бо "Кавказ пост" интернетан зорбанан гIирсо, Directorate 4 Telegram-каналана тIе а тевжаш.

""Исламан пачхьалкх" тобанан пропагандисташа шайн видеон хьалхарчу декъехь гайтина, Соьлж-ГIалахь Зазадоккху-беттан 18-чу дийнахь гIаролхочунна тIелеттачул тIаьхьа, полисхоша вийна аш-Шишани Абу Мухьаммад цIе йолу тIемало. Цо тидам тIебахийтина "Исламан пачхьалкх" агIончийн халачу кхолламана, Telegram-каналаш деш долу зе а дуьйцуш.

ШолгIачу декъехь видео тIехь гайтина бу Шемахь тIом бийраш. Цара шаьш Оьрсийчу цIа догIур ду боху, мостагIийн доь дайа, ткъа иштта кхерамаш туьйсу шаьш бойур бу харжамаш барна гIортор йинарш а, цу харжамашкахь кхаж теснарш а бохуш", - яздо "Кавказ посто".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG