ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь, ши пилот а леш, доьхна Оьрсийчоьнан Су-30СМ тIеман кема


Оьрсийчоьнан Су-30СМ тIеман кема.
Оьрсийчоьнан Су-30СМ тIеман кема.

Шемахь чудеана Су-30СМ олу Оьрсийчоьнан тIеман кема. Цу тIехь хилла ши пилот велла.

ТIеман министралло чIагIдарехь, кема герз тоьхна чудаийтина дац. Болчу хаамашца, иза дохаран бахьана хила мега мотор чу олхазар кхетар.

Оьрсийчоьнан тIеман векалша дийцарехь, Су-30СМ охьадоьжна Хмеймим аэродромера тIемадаьлла дукха хан ялале.

Пилоташа катапультах пайда хIунда ца эцна кхеташ дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG