ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополан махкахь полисхо текхийна машенан капота тIехь


Ставропль. Архивера сурт.
Ставропль. Архивера сурт.

Ставрополан махкахь Новоалександрийскан кIоштахь текхийна шен машенан капотах тасавелла некъан патрулан сервисан белхахо, хаам бо "Кавказ.Реалиино".

Полисхочунна тIелатар дина стаг веана хилла некъахьовзам хиллачу метте, цуьнан декъашхо шен накъост ву аьлла хезна. Протоколаш яздеш полисхой а болуш, машанаш теттIа тоьхнарш цигара дIабига гIоьртина иза.

Цунна новкъарло ян дагахь машенах тасавелла некъан полицин белхахо. Масийтта метр дIатакхийначул тIаьхьа охьавоьжна полисхо. Интернетехь яьржина цигахь яьккхина видео.

"Свое ТВ" телеканала еллачу интервьюхь меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло бакъдина хилларг, амма цу хьокъехь зорбанан сервисо официалан дIахьедар дина дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG