ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Срипална а, цуьнан йоIанна тIелатар деш пайда эцна 100 грамм дIаьвшах


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчоьнан эскаран коьртачу штабан Коьртачу Талламан Урхаллан (ГРУ) эпсар хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна Британерчу Солсбери гIалахь тIелетар деш пайда эцна 50-100 грамм коча нервийн-паралитикан газах.

Цунах лаьцна The New York Times газетана еллачу интервьюхь дIахьедар дина ДIаьвшен герз дехкарехула йолчу вовшахтохараллан куьйгалхочо Узюмджю Ахьмада.

Цунна хетарехь, оццул барам болу дIовш кIезиг шеко йолуш дина хилла, герзах санна пайда эца, лабараторехь талламаш бан Iалашо йолуш дина а доцуш.

Британин Iедалша чIагIдо, Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а тIелатар дина «Новичок» олучу дIаьвшаца бохуш а, цунна тIехьа лаьтташ Оьрсийчоь ю бохуш а. Москохахь иза тIе ца дуьту.

И шиъ ден гIортаро ондда кризис эккхийтина Малхбузерчу пачхьалкхашна а, Оьрсийчоьнна а юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG