ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Адмирал Кузнецовна" ремонт ян дойур ду 60 миллиард сом


Авиакрейсер "Адмирал Кузнецов".
Авиакрейсер "Адмирал Кузнецов".

Шемахь тIеман операцехь дакъалацначу "Адмирал Кузнецов" тIеман хIордан кеманна ремонт ян 60 миллиард сом дойур ду Iедалша. Цунах лаьцна хаам бина Интерфаксо, шен хьастана тIе а тевжаш. Дийцарехь, техникан Iалашо хIоттон оьшу кехаташ кечдина а, тIечIагIдина а девлла ду.

"Адмирал Кузнецов" цхьаъ бен доцу кеманаш лело крейсер ду Оьрсийчоьнан тIеман хIаваан флотехь. Иза дина даьллера 1991-чу шарахь. Крейсеран аьтто бу иттаннаш ракеташ а, бомбанаш а туху кеманаш лело.

2016-чу шарахь, вуно онда кIур а туьйсуш, Ла-Маншехула чекхделира Оьрсийчуьрчу Североморскера Шема доьду "Адмирал Кузнецов". Оьрсийчоьнан Iедалша тIе ца дитира и кема доьхна ду бохург, амма дIахьедар дира цунна тIаьхьо ремонт йийр ю шаьш аьлла.

Шемахь тIеман операцехь дакъалоцуш ши кема дуьйхира крейсеран палубана тIе охьахууш. Хьалхо хаамаш баьржира, "Адмирал Кузнецов" Шема хьажоран мах 7 миллиард сом бара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG