ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра веддачо дуьйцу шен нахана тIаьхьабевлла леларх а, мехкан куьйгалхочуьнца шен йолчу юкъаметтигех а

Ши шо хьалха гурахь Кадыров Исламца дов даьлла, тахана Полшехь хьулвелла веха 32 шо долу Абдурахманов Тумсо Къилбаседа-Кавказехь уггар а вевзачех блогер хилла дIахIоьттина. Кадыров а, цуьнан гуо а Iорабохуш блогеро йоху видеошка эзарнашкахь нах хьуьйсу. Оцу тIехула Соьлжа-ГIалин телевизионан эфирехь цуьнан гергарчеран дезна иза бахьанехь бехказабийла.

- Тумсо, хьан гергара нах хьоьца зIене бовла гIоьртирий, хьоьгара юьхь яккхархьама?

- ХIан-хIа, берриг а бохург санна сан махкахоша а, сан гергарчара а соьх дозалла до, суна тIе а тов. Оцу репортажехь церан багара даьхна ду и дешнаш. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Соьлжа-ГIаларчу полисхойн декъехь яьккхина ю и сюжет, царна ницкъбеш тIехь, психологин тIеIаткъам а беш.

- Хьайн нах дIабигарх хааме даьккхира ахь байначу беттан 10-чу дийнахь. Дукха латтийнерий уьш полисхоша шайн карахь?

- Материал кечъечу масех сахьтехь хан яккхийтинера цаьрга. Уггар къеначу сан девешин ду хьуна 83 шо. Виъ кIант дIавоьллина да ву иза, къанвеллачу дийнахь "Грозный" ЧГТРК-н шоу а лан езаш хилла-кх цо.

- Оцу сюжет чуохь гайтина йийбар цхьана хIусамчуьра йолуш санна сурт ма дара. Полисхойн декъехь иштта еза диван хуьлийла ду?

- ХIаъ, полисхойн декъан хьаькаман Дашаев Мохьмадан садоIучу чоьначохь йолчух тера ду.

- Оцу репортажехь дуьйцу, хьан дешича Абдурахманов Мовлди "уггар халачу шерашкахь республикехь къепе латтийна ву" бохуш. Полисхо хилла ву иза?

- ХIаъ, полисхо вара иза. Со гал ца ваьллехь, стохка пенси вахара иза. Оцу полисхойн декъехь болх бина а ву хьуна.

- Хьан Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергара волчу Кадыров Исламца довдалар цхьаболчу интернетхоша дузу аш вовшашлахь цхьа хьал-де къовсарца. Хьо а вац олу, ма хетта атта стаг. Хьан да а, нана а мила ду?

- И бакъ дац. И де тIекхаччалц цкъа а гина вацара суна Ислам. ХIинца долчу Iедалца цхьа а юкъарлонаш дацара сан ден а, ненан а. Сан 2000-чу шарахь кхелхина да схьавелхьара, цхьа а шеко яц сан, Кадыровна дуьхьал хир вара иза а. Вен кхайкхийна хиллачу сан дас набахтехь 18 шо даьккхина. Советан Iедална дуьхьал къийсам латтийна ву иза. Ичкерин пачхьалкехь Дудаев волчу хенахь цуьнца болх бина ву иза, хьалхарчу тIамехь чевнаш йинера цунна. Умалт ю цуьнан цIе.

Сан нана лор ю. Соьлжа-ГIаларчу дарбан хIусамехь кардиореанимацин декъан куьйгалла деш яра иза. Нохчий махках баьхначу шерашкахь йина ю иза. "Мажоран къийсадаларш" ду тхуна юкъахь бохуш, харцдерг даржочара сан биографи таллахьара цул а.

- Уггар къоначу шерашкахь муха аьтто белира хьан "Электросвязь" урхаллан директоран гIовс хIотта?

- Юьхьанца, 2004-чу шарахь со инженер вара, хIеттахь чекхъяьккхинера ас Соьлжа-ГIалара информатикан техникум. 2010-чу шарахь диплом схьаийцира ас пачхьалкхан мехкадаьттан институт чекхъяьккхина аьлла. Балха хIотта гергарлонаш оьшу меттига бац "Электросвязь".

- Ткъа КадыровгIаьрга хьуо вен ца вейтархьама оьшу зIенаш, гергарлонаш. Хьан гергарчаарна хIинццалц схьа цхьа а зен-зулам дина ма дац цара.

- Боллу сан тайпа-тукхумара нах ша хIаллакбахь а, сан бага лекъар йоций хаьа КадыровгIарна. Мелхо а ас нахала доккхур ду сайна мел хуург, и дерриг а царна дуьхьал ма хуьлу тIаккха. Цундела сих а ца луш, лар а луш, со новкъара дIаваккха болх бу цара беш.

- Хьо ца кхоьру?

- Со ца кхоьру, амма со ларло царех. ХIаъ, ка йолу церан дозанал а арахьа беха шайн мостагIий байарехь. Шаьш леринарг чекх ца долуш меттигаш а ма нисло церан.

Масала, Австрехь чохь валлош ву, Европан полицино дукха сиха гучуваьккхина церан стаг. Вайн кхолламаш Кадыровн карахь боций хаа деза вайна. Дуьненчу валар а, валар а Делан карахь хIуманаш ду. Цундела оьшуш дац Кадыровн нахах кхера. Царех ларвала веза хьо, амма кхера оьшуш дац.

- ХIаъ, бохур ду хьан хIара къамел хезначара. Хьуна атта ду Полше а хиина, маьрша къамелаш дан. Коьртеш охьа а охкийна, телехьожийлехь къамелаш дан охьаховшийначу хьан гергарчарна хIуммаъ атта дацара. Царна гергахь хьо бехке хетий хьуна?

- Ца хета, хIокху доллучунна а бехке КадыровгIар бу, со вац. Царна луург и ма ду, суна суо бехкехетийтар. Сайн дайх дисинарг ду ас дIакхоьхьург. Доьналлица чекхбевлла уьш, шайн дахар Советан Iедалца а, цул тIаьхьа оьрсийн экспансица къийсамехь дага а деш.

- Хьуо луьйчуьра сецча, Кадыровн нах хьайна тIаьхьара бевр бара аьлла хетий хьуна?

- Уьш муха бовлу суна тIаьхьара, суна дуьхьал даьккхина зуламан гIуллакх хилча, Интерполехула со лоьхуш а цара хилча?

- Пропагандийн программашкахула а, полицин декъашкахула а хьан гергарнаш текхор бацар-кх.

- Иштта хила а мегар, я ца хила а тарлора ишта.

- Шемарчу тIамехь хилла аьлла, хьуна дуьхьал айдинчу гIуллакхах хIун хилира?

- Цунах хууш хIуммаъ дац суна. Ас лаьцначу адвокатан Тельхигов Асланан, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакх бахьана долуш Нохчийчуьра вада дезна.

- ШолгIа шо ду ахь диллина, хьайн цIарца КадыровгIарна критика ен. "Грозный" телеканалан эфирехь хIинцца бен хIунда ца гайтина хьан гергарчу нахаца и сюжет?

- Исраилов Турпал цара вийна хилар ас даржийна дела, тIебирзина хир бу-кх уьш. Са аз дIалакъо гIерта КадыровгIар. Ала дашна, ишта-м социалан машанашкарчу сан аккаунташна а ду цара жигара тIелетарш деш. Iуьйранна, къевлина лаьттина Инстаграм схьаелла аьтто хиллера сан, юха а блок тоьхна цунна. Фейсбук селхана естина ас.

- Хьан нах гулбина и репортаж хIун Iалашонца яьккхина ю цара?

- Царна-м шайна а хууш ма дуй, и спектакль хиллийла а, шайх цхьа а тешар воцийла а. Суна хетарехь, цхьана хьажархочунна – Кадыров Рамзанна гергахь хIоттийна ю и. Сан гIуллакх шаьш кегош дуйла дIахаийтархьама шайн паччахьна.

- Шемарчу даIишхошна хьо гIо деш ву бохуш, дIахьедарш до нохчийн Iедалша. Ткъа Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан телевизино, хьо вохкавелла боху "Малхбузерчу доттагIашна". Хьенан ахчанца хене волу хьо – "Исламан пачхьалкхан" я "Вашингтонерчу обкоман"?

- Сан агIонна буха базбеллачу наха ахчанаш туьйсу суна. Иштта Полшано пособи а латтадо суна, тховкIело йоьхучунна санна.

- Хьан шуьйра аудитори ю. Кадыровн Телеграмера посташ йоьшурш юккъарчу барамехь аьлча, 30 эзар стаг ву, ткъа хьан видеошка хьуьйсу 100 эзар гергга нах. ХIун къайле ю хьан оццул кхиаме хиларан?

- Дуккхаъчу нахана цахуург, я хеззаш дийца ца хIуьттург ду ас далхориг. Нахана Iаламат интересе ду ас дуьйцург. Цхьа ЧГТРК а, кхийолу диларш дIакхуьйсийла а бен йоцчу республикехь, со цIенчу хIаваъан къурд беш санна тIеоьцу.

- Маттана хьан шера хилар ца тайна Кадыровн администрацин экс-куьйгалхочунна Кадыров Исламна а. Цо масийттаза арз дина ахь лелочу канална. Хьоьга хьайгга яздой цо?

- ХIан-хIа, я цо а, я цуьнца цхьана болх беш хиллачара а цхьаммо ца яздина соьга. Хууш дац, хIинца Ислам хIун лелош ву а. Инстаграмерчу цуьнан доттагIийн агIоне хьаьжча гуш ду, спортан чоьнашкахь хан йойуш иза хилар. Латархойн "Ахмат" клубехь карьера ян кечлуш хила а тарло Ислам.

- Хьо дика дIанисвелла вехаш вара, Даймахкахь кхуьуш бераш а долуш. Стенца ца тайра хьуна Кадыров?

- Оьрсийчоьнан цхьа а сардал ловр вац ас Нохчийчоьнан урхаллехь. Оцу маьIнехь аьлча, бен-башха дац цуьнан фамили мухха елахь а. Нагахь Рамзана адамийн бакъонаш хьоьшуш яцахьара (нах бойуш вацахьара, царна тIехь ницкъ беш, къоланаш деш ца хилча), со паргIат дIаIийр вара Оьрсийчоьнан оккупацина бухахь, тахана-кхана паргIато йогIур ю-кх, бохуш. Амма Кадыровс лардеш дац я нохчийн Iадаташ а, я оьрсийн а, я шарIан низамаш а. Ша ма варра Iазапхо ву-кх Кадыров.

- Цу кепарчу стеган муха аьтто хилла Iедалан коьрте хIотта, хIунда садетта цунна нохчаша?

- Иза ша веана стаг вац, иза хIоттийна ву. Са хIунда детта хоьтту ахь? Суна-м ца хаьа. Я тIемаша гIора дайина а ца хаьа суна-м тхан… Нагахь Оьрсийчохь цхьа хийцамаш хуьлий, тIаккха цхьаъ хила там бара. И а маца хир ду?

Нагахь Кремлан гIорторах Кадыров волий, тахана цунна муьтIахь болчу гоно хIаллаквийр ма ву иза. ХIинца а ма бу къайлах барт а беш, нах цунна дуьхьал буьйлуш.

Дагадаийтахьа, 2016-чу шарахь Кадыров Ислам юкъахь а волуш, цунна дуьхьалбовлар. ХIетахь куьйгех тапча а йиттина, даржах ма ваьккхира иза. Исламан шича Валид а, ЯмадаевгIеран гергара стаг а вийра.

2009-чохь дара и я 2010-чу шарахь дара, Кадыровн уллера хадархой а, церан командираш а байира, Устрада-гIалара бахархой.

- ТIаьххьара, хIун эр дара ахь, харцонна кIелбисинчу нохчашка?

- Къар ма ло, шайн дан ницкъ берриг де а эр дар-кх. Нах богIур бац вайна тIехIитта. Дашца я гIуллакхца Iазапна дуьхьало ян ницкъ боцучаьрга доIанашкахь деха эр дара ас.

Мегар дац, мохк дIа а тосуш, чуьра аравала. КадыровгIара баккъал а юьхьарлаьцнарг вада мегар ду. Вай массо а дIавахча, къийсам латто мила вуьсу?

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG