ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой-Чергазийчохь 10 шо хан тоьхна чIирхо вийначунна


Кхарачой-Чергазийчоьнан Лаккхарчу суьдо кхел йина чIир йоькъуш ши стаг вийначу Алборов Игорна. И зулам деш цуьнца хилла цуьнан шича бехказваьккхира бехккъасторхоша.

Боксехула Европан чемпион волчу цунна 10 шо хан тоьхна, колонехь даккха, яздо Кавказ.Реалиино.

Талламхойн версица, 35 шо долчу Алборов Игора чIир йоькъуш вийна Гояев Александр а, цуьнан кIант а 2016-чу шарахь. Алборовна хеташ хилла Гояевс вейтина шен да, Къилба ХIирийчуьрчу кхерамазаллин сервисан куьйгалхо Алборов Олег. Гояев каро дезна Алборовна 9 шо.

Цул тIаьхьа шен шичица цхьана Гоявн петаре а вахана урс диттина вийна цо хIусамда. Цо иштта вийна шен дена гIо дан гIоьртина волу Гоявн кIант а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG