ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодарехь чувоьллина Твиттерехь забар йина меттигера вахархо


"Къилбаседа Кавказехула экологин тергамхой" тобанан жигархо Чириков Виктор.

Краснодаран кхело 5 денна чувоьллина "Къилбаседа Кавказехула экологин тергамхой" тобанан жигархо Чириков Виктор. Цунах лаьцна цо ша хаам бина социалан машанехь.

Полисхой баьхкина хилла Чириковн хIусаме Стигалкъекъа-беттан 4-чу дийнахь. Къамел дан вуьгу аьлла, полицин декъе вигна иза цара. Цигахь юкъараллан жигархо сацийна, бакъо а йоцуш, митинг вовшахтоха дагахь хилла аьлла, хаам бо "Кавказ.Реалиино".

Чириков бехке варан бахьана ду, цо забаренна Стигалкъекъа-беттан 5-чохь шайн хин йолчу акцехь дакъалаца Эрмалойчоьнан бахархой кхайхкар.

"Эковахта" тобанан векло Рудомахи Андрейс дийцарехь, Чириковн аьтто бацара митинг вовшахтоха, Стигалкъекъа-беттан -чу дийнахь уьш Краснодаран махкарчу Тбилисин кIоштахь таллам бан боьлхуш хиларна.

XS
SM
MD
LG