ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс гIо даьккхина буьрка санна цициг ловзийначу шина спортхочуьнгахьа


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана гIо даьккхина буьркана метта вовшашка цициг дIасакхийсинчу "Беркут" клубан спортхошкахьа.

Цициг ловзош видеоролик инстаграмехь зорбане яьккхина Оьрсийчоьнан самбон чемпионо Дураев Алберта. Цу тIехь ши стаг ву буьрка санна цициг ловзош.

Республикан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь яздина спортхоша "кIеда-мерза ловзарца дIасакхоссара цициг" аьлла. Кадыровна хетарехь, дийнат хьийзор Iалашонца ца дина цушимма иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG