ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин дакъош тIеузуш ду Москох Навальныйн агIончаша акци дIахьочу метте


Оьрсийчоь -- Москох, Пушкинан майда, 05Стигал.2018
Оьрсийчоь -- Москох, Пушкинан майда, 05Стигал.2018

Москох Пушкинан майданахь дIахьош ю оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаша вовшахтоьхна "Он нам не царь" (Иза тхуна паччахь вац) цIе йолу акци. Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, цигахь гулбелла Кремло латточу "Къоман маьршадаларан болам" а, "ТIеман вежаралла" а цIе йолчу тобанийн декъашхой. Уьш маьхьарий бетташ бу "Майданана" дуьхьал, Навальный питанча ву бохуш а.

Цхьаберш гIалгIазакхийн духар доьхна болу и нах бага лееш бу Навальныйн агIончашка.

Москох гIалин юккъе тIеузуш ду полицин, Росгвардин а дакъош а. Полисхоша лаьцна лаххара а цхьа жигархо. Цуьнан карахь хилла "Путина на мыло" тIе яздина плакат.

Маршо Радион Оьрсийн сервис онлайн видеотрансляци дIахьош ю цигара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG