ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу "Он нам не царь" акцешкахь полицино лаьцна 600 сов декъашхо


"Он нам не царь" акци Краснодарехь.

Ерриг а Оьрсийчохь "Он нам не царь" (Иза тхуна паччахь вац) цIе йолчу дуьхьалонан акцешкахь полицино лаьцна 600 сов декъашхо. Цунах лаьцна хаам бина бакъонашларъярхойн ОВД-Инфо портало. Царна юкъахь ву оппозицин боламан лидерех цхьаъ волу Навальный Алексей а.

Навальный лецира полисхоша иза Москох гIалин юккъехь гучуваларцана.

Президентан Путин Владимиран инаугурацина тIейоьгIна Iедална дуьхьал акцеш хилла Оьрсийчуьрчу масийтта гIалахь.

Саратовхь хилла дуьхьалонан акци дIаяхьа бакъо елла яцара Iедалша. Митинге арабевлла нах буьйлабелира гIалин юккъехула. Амма полицино цигахь лаьцна стаг вац. Цу акцехь дакъалоцуш вара 800 гергга вахархо.

Якутскехь хиллачу митингехь лаьцна 75 стаг. Красноярскехь полицино ницкъ дуьхьалбаьккхинера юкъаралан жигархошна. Цигахь лаьцна 150 гергга стаг. Новокузнецкерчу митингехь полицино лаьцна дIавигина 20-х акцин декъашхо. Барнаулехь – 15.

Кавказ.Реалиино бинчу хаамца, "Он нам не царь" акцеш хилла Краснодарехь а, Ставрополехь а, ХIинжа-гIалахь а. Краснодарехь полисхоша лаьцна иттех демонстрант.

XS
SM
MD
LG