ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко а, Евробарто а емалдина Оьрсийчохь маьрша акцийн декъашхой дIалецар


Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан зорбанан секретар Нойерт ХIизер.
Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан зорбанан секретар Нойерт ХIизер.

Цхьаьнатоьхначу Штаташа емалдина Оьрсийчохь дуьхьалонан акцийн бIеннаш декъашхой дIалецар. Iамерко дехар дина Оьрсийчоьне, хьем а ца беш, и нах дIахеца аьлла.

Цунах лаьцна дуьйцуш ду Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан зорбанан секретаро Нойерт ХIизера твиттерехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь.

Шаьш бакъонца хаьржина хиларх шеко йоцучу лидерша ца луьйцу маьршачу дуьхьалонан акце арабевлла шайн дуьхьалончаш, аьлла ду цу дIахьедарехь.

Евробарто а емалдина демонстранташ дIалецар а, ницкъах пайда эцар а.

Президентан Путин Владимиран Стигалкъекъа-беттан 7-чохь хин йолчу инаугурацина тIейоьгIна Iедална дуьхьал акцеш хилира Оьрсийчуьрчу дуккха а гIаланашкахь Шоьтан дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG