Германехь, коммунизман идеологи кхоьллинечерах цхьаъ волу Маркс Карл винчу гIалахь, Трирехь йоьза статуя схьайиллина цуьнан 200 шо кхачарна хьажийна.
2 тонн еза йолу иза совгIат ду Китайн Халкъан Республико Марксан юбилей хиларна Германина дина долу.
5 метр лекха йолу статуя дIахIоттийна Порта Нигра цIе йолчу Риман Империн хенара кевнаш лаьттачу майданахь. Цуьнан автор ву Китайра сурташдахкархо Вэйшан У.
Полицино бинчу хаамца, Марксан статуя схьайоьллуш дакъалоцуш вара 3 эзар гергга вахархо а, 200 гергга лараме хьаша а.
Циггахь духьалонан акце гулбеллера Марксан статуя хIотторна духьал болу иттаннаш меттигера бахархой.