ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жимачу кIантана ВИЧ-ун даларца доьзна бехктакхаман гIуллакх юхатоллур ду Нохчийчохь


ВИЧ-ун даьлла 34 000 000 адам ду кху дуьнентIехь.
ВИЧ-ун даьлла 34 000 000 адам ду кху дуьнентIехь.

Жимачу берана Соьлж-ГIаларчу дарбанан хIусамехь ВИЧ-ун далар юхатоллуш ду Нохчийчохь. Цу хьокъехь долийна хилла бехктакхаман гIуллакх талламхоша сацийнера, билггал бехкениг къасто аьтто бац аьлла.

БархI шо хьалха Соьлж-ГIаларчу цхьана дарбанан хIусаме, пехаш шелделла хила мега аьлла шеко йолуш, валийна хиллера цхьа шо долу жима кIант.

Талламхоша дийцарехь, дарба дан иза охьавиллина хилла ВИЧ-ун кхетта йолчу йоIаца. Кхин а 6 шо даьлча гучудаьлла и ун цунна а даьлла хилар.

Талламахошна ца карийна бехкениг, амма, цу кентан дедас дехар дарца, и гIуллакх юхаталла долийна прокуратуро, хааам бо Кавказ.Реалиино.

Дерригдуьненан могушалла Ӏалашъяран вовшахтохаралло далочу терахьашца, ВИЧ-ун даьлла 34 000 000 адам ду кху дуьнентIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG