ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонашларъярхошна а, журналисташна а дина тIелатар листар дIадахдина


ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанехь журналисташна а, бакъонашларъяхошна а тIелатар дар таллар дIадахдина Товбеца-беттан 25-чу дийне, хаамбина тIеIаткъам хиллачех Сковорода Егора. Маршо Радионо хьалхо яздира, гIуллакх листар дIатеттина хиларх, амма журналистна Сковородана хIетахь билггал хууш дацара, муьлхачу ханна.

Лурчаха Зазадоккхучу баттахь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанехь муьлш бу ца хуучу наха тIелатар дина, йиттинера микроавтобус тIехь Соьлжа-ГIала боьлхучу 8 бакъонашларъярхочунна а, журналистшна а, ишта машенан долахочунна а.

Царех виъ дарбан хIусаме кхачийнера. Лазийначара дийцарехь, тIелеттарш нохчийн лоьмаршца йолчу машенкашкахь хиллера, акцентехь буьйцучу оьрсийн маттаца.

Стохка Iай зулам лайначеран адвоката хаамбинера, тIелеттарш муьлш бу къасто аьтто цахиларна, гIуллакх таллар сацийна аьлла. Цул тIаьхьа бутт баьллачул тIаьхьа талламчашка сацам юхаэцийтира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG