ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тахана 4-гIа инаугураци ю Путин Владимиран


Оьрсийчоьнан урхалле хIоьттинчу президентан Путин Владимиран инаугураци ю тахана делкъанна Москох. Кремлерчу шен белхан кабинетчуьра дIа Йоккхачу Кремлан хIусамчуьрчу Андреевн холле гIур ву Путин. ЧIагIо йиначул тIаьхьа Соборан майданехь Кремлан полкан параде хьажа Iалашо ю президентан. Цул тIаьхьа Благовещенскан килс чохь йоцца далла Iамал йийр ю цо. Оршотдийнахь Путина Пачхьалкхан Думехь керлачу премьер-министран кандидатура а йовзуьйтур ю.

Хьалхо зорбанашкахь яздора, даим санна Москохан урамашкахула президентан ковр чекхъер яц, "негативе терго" тIе ца озорхьама аьлла.

2012-чу шарахь кхозлагIа президентан дарже хIоьттира Путин Владимир. ХIетахь, адамех, машенех маьршадаьхначу некъашкахула КIайчу цIийнера Кремле вахара иза.

Кху беттан 5-чу дийнахь Оьрсийчоьнан дуккхаъчу гIаланашкахь Путин Владимир доьалгIа президенталле хаарна дуьхьал болчу наха "И тхуна паччахь вац" цIарца акцеш дIаяьхьира.

"ОВД-Инфон" зерашца, Оьрсийчоьнан 27 гIалахь 1597 стаг лецира. Церан ах дакъа маьршадаьккхира. Цхьаберш лаьцна битина, вукхеран кхеле хIитта дезар ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG