ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъара терроризм эшийнарг Путин ву аьлла Кадыровс


ТАСС агенталлана еллачу интервьюхь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана некъаш, школаш, белхан меттигаш йоцу мокх, терроризм а эшош, кхиаме хилла дIахIоьттийна тIаьххьарчу 18 шарахь аьлла, дIахьедина.

"Нохчийчоь хийцаелла. Вайна дагадогIу 18 шо хьалха вайн школаш, некъаш, цхьа а инфраструктура яцара. Экономика йоьжна яра, 100 процент белхазалла яра. Оьрсийчоьнан президент а, цуьнан доьналлийн сацамаш а бахьана долуш вай дуьненаюкъарчу терроризмца а толам баьккхина, меттахIоттийна экономика, массо а социалан хьашташ ду кхочушдеш", - аьлла Кадыровс.

Оьрсийчоьнан урхалле хIоьттинчу президентан Путин Владимиран инаугураци хилла оршотдийнахь Москох.

Кху беттан 5-чу дийнахь Оьрсийчоьнан дуккхаъчу гIаланашкахь Путин Владимир доьалгIа президенталле хаарна дуьхьал болчу наха "И тхуна паччахь вац" цIарца акцеш дIаяьхьира.

"ОВД-Инфон" зерашца, Оьрсийчоьнан 27 гIалахь 1597 стаг лецира. Церан ах дакъа маьршадаьккхира. Цхьаберш лаьцна битина, вукхеран кхеле хIитта дезар ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG