ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасу-юьртара базар дIахьакха гIерта Iедал


Хасу-юьртарчу администрацина хьалха оршотдийнахь гулбеллера бедарш юхкучу базарара 40 йохкархо. "Титаник" цIарца дика евзаш ю и меттиг. Дагестанерчу "Кавказ.Реалиин" корреспонденто бина и хаам.

Шаьш базар хIуьтту меттиг дIаяккха гIертачу Iедална дуьхьалбевлла уьш. ГIалин мэрино бахарехь, бакъо йоцуш дIахIиттийна ю цигахь йохка-эцаран аьттонаш бен гIишлош.

Набережная олучу урамехь ханна йина гIишлош, рагIуш шаьш дIадохо дагахь хиларх хаам Хасу-юьртан администрацино шен сайте оьллинера.

ГIалин Iедалша рагIуш дIахьакхар цIеяларан кхерамашца а, адамийн бакъонаш Iалашъярхьама, гонахара Iалам садаIа а, ваха а цIена хилийтархьама а ду аьлла гулбеллачаьрга.

Кхечу гIалин базаршка дехьабийлар хьехна гIалин Iедалша йохкархошна, амма шаьш марзделла меттиг дIатаса реза ца хуьлу уьш.

ГIалин администрацина уллохь гул а белла, шаьш резадацар дIа а хоуьйтуш, гIалин мэраца цхьанакхетаре дог дохуш, лаьтта гулбелларш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG