ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламан кодексан 3 артикл йохорна бехкевеш ву 27 шо долу Уфан а, 29 шо долу Нохчицчуьра а ши вахархо. Республикан прокуратуран пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Талламчийн зерашца, бизнесхо лар а вина, цунна тIелатар дина кегийчу наха. Цунна йиттинчул тIаьхьа, цуьнан хIусамненан компанин цIархчу Mercedes-Benz машенан догIанаш дIадаьхна, лачкъийна.

Масех бутт баьллачул тIаьхьа цушиннах цхьаъ шен доттагIчуьнца Уфарчу Театран скверехь цхьана довхочуьнца цхьанакхеттачу хенахь летарш нисделла. Бехкевечун декъахочо травматикан тапча тоьхнера цхьана жимчу стеган коьртах.

Кегийнах лаьцна латтош бу. Церан хьокъехь бехкзуламан гIуллакх гIалин Киров кIоштан кхелае дIахьажийна.

XS
SM
MD
LG