Толаман дийнан 73 шо кхачар даздеш тIеман ветеранашна 10 эзар соьмаш дIасадоькъур аьлла, бина хаам бу Оьрсийчоьнан къинхьегаман министраллан сайтехь. КIирандийнахь президента Путин Владимира куьйгяздина омра кхочушдийр ду министралло.
Иштта ахчанаш доькъур ду Орсийчоьнан а, Латвин, Литван, Эстонин территореш тIехь бехачу оьрсийн ветеранаша. Динчу зерашца, 103 эзар гергга стагна дийр ду ахчанан совгIаташ.